ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Доьзална муьлххачу кепара а пайда бархьама". Нохчийчохь берийн ахчана дуьхьа къестачу доьзалашца къийсам латтор


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Берашна луш долу ахчана дуьхьа доьзал къаьстина аьлла, кехаташ хIитторца къийсам латто дагахь керла барамаш кхайкхийна Нохчийчоьнан Ӏедалша. ХӀинца ЗАГС-ша муфтиятан векалшца "цхьаьна болх беш" леррина луьстур ду зуда а, майра а къаьсташ ду аьлла чу делла хӀора а дехар, ший а уллохь а долуш. Хьаькамийн хьесапашца а догӀуш, цу гӀуллакхо сацо деза фиктиван къестарш, доьзалш Ӏалашбийр бу, бюджетера йен харжаш лахйан дагахь. Тхан сайто теллира, хӀун бахьана долуш фиктивехь дIасакъеста доьзалаш, мел нийса ду динан дай доьзалан йукъаметтигашка кхачар а.

"Кехаташ тIехь къестарш"

Нохчийчохь берашна луш долчу пособин дуьхьа фиктивехь зударий дӀасакъестар алсамдаьлла аьлла дӀахьедира республикерчу финансийн министраллехь, и тайпа некъаш сацоран а, бюджет Ӏалашъяран а барамаш бийцаре беш хиллачу кхеташонехь. Хьаькамашна хетарехь, оцу кепара доьзалаш къестаро "йукъараллин норманаш а, доьзалан мехаллаш а" йохийна ца Ӏаш, "бюджетана ницкъбо". Цхьаьнакхетар дерзош сацам бира, доьзалан ламастан мехаллаш ларъйеш, бюджетан ахча кхоадеш, цхьанакепара план хӀотто. Иза кхочушдархьама муьлха барамаш лелор бу, цкъачунна къаьстина дац.

Берашна луш долу пособи Нохчийчуьрчу дуккхаъчу доьзалшна Iаламат мехала ахчанан дакъа ду: республикехь белхазалла пачхьалкхехь а уггаре а лакхарачех йу, ткъа экономикан хьоло доьзалш декхаре бо шайн доьзалшна кхачо йан муьлхха а аьтто лаха. Тхан редакцин корреспонденто къамел дира шайн доьзална тIебогIу пайда алсам хилийтархьама кехаташца къаьстинчу масех меттигерчу йахархочуьнца.

Пачхьалкхо пособеш кхачадо тIедогIу рицкъ лахара долчу доьзалашна. Нагахь санна, хIусамдас, йа берийн нанас алапа жимма а лакхара оьцуш делахь, царна берийн ахча кхачо йоллучу барамехь ца дала тарло. Шозза кехаташ чекх ца довлийтинчу Соьлжа-ГIаларчу Фатимас ши шо хьалха шен майра берта а валийна, цуьнца къаьсташ кехаташ чу делира ЗАГС-е, шена йевзаш йолчу цхьана зудчо хьехна. Шиммо доккху алапа лакхара ду бохуш, пособеш берашна ца хIиттадора церан: "ХIоразза а кехаташ чу ца оьцура тхан, тIаккха хIара ца лелийча ца девлира тхо"¸- йоьлу иза.

Фатимин а, цуьнан цIийнден а пхи бер ду, майрачун алапа 30 эзар ду, ткъа цуьнан 24 эзар; доьзална чӀогӀа ахча тIе ца тоьара, бохуш дуьйцу цо. ЗаьӀап хилла кхеран цхьа бер кхелхинчул тӀаьхьа, доьзална кхочуш хиллачу ахчанан доккхаха долу дакъа дIаделира, бохуш дуьйцу зудчо: "Суна цкъа а ца моьттура, со цу гӀуллакхана реза хир йу, амма сан цомгаш долу бер дӀадаьлча, тхуна тIедогIу дерриг аьлча санна рицкъ дIахедира. Оьрсийчоьнан регионашлахь пачхьалкхо стагана ваха хIоттийначу барамал а жимма сов ахча оьцура хIусамдас, цундела берашна ахча дала дуьхьал хилира. ТIаккха ойла хилира сан, цунах дIакъаьстина аьлла, сурт а хIоттийна, сайн бераш кога-ирахIиттон".

Пачхьалкхо уллохь цIийнда а воцуш бераш кхиочу зудчунна гIо до, ткъа буьззина доьзал – тергал а ца бо

Зудчо мукӀарло до, кхин дан амал а ца хилла, де эшна дина ду ша и хIума бохуш. ХӀоразза а шен банкан чоьта тIе ахча даьлча, сингаттамо хьийзайо ша бохура цо, тӀаьхьарчу шина шарахь шега кхаьчна дерриг а ахча пачхьалкхана йухадерзо дезахь, йа бехктакхаман гӀуллакх дуьхьал даккхахь, ша хIун дер-те бохуш.

Веданан кӀоштарчу Сацитас а дийцира цу кепара шен зеделлачух, ишта бен ахчанаш схьаэца йиш йолуш цахилар билгал а доккхуш. "Сан а, сан цIийнден а ши бер ду, амма тхаьш дIасакъаьстича санна кехаташ а кечдина, ахча оьцуш ду тхо. Суо цхьаъ доьзал кхобуш йу аьлла, тIаккха бен пачхьалкхера гIо хила аьтто бацара сан. ХӀун дийр ду ас? Пачхьалкхо цхьалхачу наношна гӀо до, амма буьззинчу доьзалшна - ца до. Уьш бу-кх со а, со саннарш а кху харцахьачу некъа тIе дохурш".

Нохчийчохь доьзалхочух хиларца а, бер дуьненчу даккхарца а, кхиорца а доьзна хӀора баттахь луш долу ахча (цхьана хенахь цкъа луш долу) - 17 шо кхачанза бераш долчу нохчийн доьзалшна кхачо йиш йолу гӀоьналлин барам бу. Пособин барам къастабо доьзална тIедогIучу рицкъе хьаьжжина: йуккъерчу барамехь хӀора бахархочунна луш долчу ахчане хьаьжжина, иза хила тарло: 50%, 75% йа 100% регионан Ӏер-дахаран лаххара барам. Нохчийчуьрчу берашна 7 195 соьмана тӀера 14 390 соьме кхаччалц ду и пособи. Цу йукъана, алапан динамикаца регионийн рейтингехь Нохчийчоь тIаьххьарчу хьалхарчу меттехь йу: цигара гайтамаш хаа а луш вон бу массо а луларчу республикашца дуьстича, ГӀалгӀайчоь йоцург. Ткъа кхузза кӀезиг бу махкахь йуккъерчу барамца дуьстича.

Къилбаседа Кавказера пхи республика йу Оьрсийчоьнан регионийн рейтингехь, доьзалийн синтем хиларца лаххарчу меттехь. Да-нана ший а балхахь делахь а, йуккъера алапа оьцуш хилча а, ши бер долчу доьзалан бюджет кхачаме йац. Йуург-мерг, коммуналан хьашташ, духар, транспортана дIалерича, доьзална дуьсуш хIуммаъ а дац. Гуш ду, декхарш тIе ца хьерчадахь, йа арахьара цхьаммо гӀо ца дахь, хене балалуш бац доьзал.

ХӀинца пхи шо ду Руслан а, Лариса а "къаьстина" Iаш долу, оцу заманчохь шала ши доьзалхо а гучуваьлла церан. Къаьстина шаьш аьлла, кехаташ хIиттор бахьана долуш цу шиннан ка йаьлла шаьш дан долийна хилла цIа чекхдаккха а.

"Тхо балхахь а дара, тхайн ма-хуьллу ларо а гIертара, коммуналан ахча дIа а делла, чохь йуург эцначул тӀаьхьа карахь хӀумма а ца дуьсура", - бохура Ларисас тхан редакцица шен хиллачу къамелехь. Цо дийцарехь, цуьнан майрачун да-нана чIогIа динехь нах бу, йуьхьанца дуьйна дуьхьал бара уьш, и "къилахь" лоруш хIума ду бохуш. Амма царна, чӀагӀдо цо, кхин некъ бацара: "Суна бевзачу нахалахь кхин а ши доьзал бу, къаьстина шаьш аьлла, ЗАГС-ехь кехаташ а кечдина, теттина ахча оьцуш, шайн берийн хьашташ латтош. Кехат тӀехь бен бац уьш дӀасакъаьстина. Царна дика гIо хуьлу оцу берийн ахчанех. Масийтаза дуьхьало йира царна 100 процентана церан кхаа берана пособеш ца хIиттош, тIаккха "дIаса а къаьстина", шайн кехаташ йуха чу делира цара. Ахча новкъа хир дац доьзална".

"Массо а хIума низамца хила деза, ткъа мила ву цигахь низам?"

Цу хьолах лаьцна комментари йира тхан сайтан дехарца бизнесхочо, экономисто Георгиев Давида. Цунна хетарехь, Нохчийчоьнан политикан система йерриг а Оьрсийчохь санна дӀахӀоттийна ца Ӏаш, республикан куьйгалхочунна гергарчу готтачу тобано Ӏедал дӀалацаран къеггина масал санна гӀуллакх деш йу.

"Цундела могӀарерчу бахархойн, гуш ма-хиллара, кхин дан хӀума ца дуьсу, хIуъа дина а шайн доьзална цхьана агIор напха ца лахахь, къоман билгалонаш тидаме а оьцуш: масала, бераш, гергарнаш дукха хилар, иштта дӀа кхин а. Ма-дарра аьлча, фиктивехь зуда йитар а, низамехь доцуш пособеш схьаэцар а зулам ду, амма пачхьалкххан дарже ца кхачийтар, балха ца эцар, цхьацца кепара бизнесна дозанаш тохар – иза а ма ду зулам. Цундела, нагахь санна вай формалан некъ лелабахь, тӀаккха, хетарехь, хӀаъ, дерриг а низамца хила деза. Амма хьенан карахь ду цигахь низам?" – хеттаршка вуьйлу Георгиев.

Экономистана хетарехь, хьалхе дуьйна хаа а хууш, цхьатеррачу бакъонашца доцчу, дискриминацин хьелашка хIиттийна бахархой, тIаккха цхьана агIор хене бовла хьийза-кх уьш.

"Ларамечу зудчун фонде луш долу ахчанаш (Кадыров Ахьмадан цӀарахчу фондан президент Кадыров Аймани йу йуьйцург) бертаза охьадохкуьйтуш ма ду, могӀарерчу нохчийн бахархойн доьзалан бюджетца цхьа а уьйр йац церан а. ХӀетте а, цаьргара схьалехьош йу йасакх. Ма-дарра аьлча, къастийна схьаэцначу цхьана регионехь го бохуьйту ахча ду и. Муьлххачу а кхечу меттигехь и дан йиш йоцург ду. Хир ду аьлла хета суна, "фиктиван къестаршца" къийсам латтор эххар а хаттаре доьрзур ду, къоьжа мажош йолчу нахах болчу векалех мила хир ву Фонде ахчанаш дахкарна тIехь Iуналла деш", - аьлла дерзийра цо шен къамел.

Оцу кепарчу некъашца къоьллин проблема ца луьсту Iедалхоша, цара мелхо а къайлайоккху и

Оьрсийчохь лелаш долу репрессин низамаш бахьана долуш шен цӀе йовзийта ца лиина Нохчийчуьра социолог тешна йу, фиктивехь доьзалш къестаран коьрта бахьана ду – къоьлла. Пачхьалкхехь уггаре а лакхара белхазалла хиларо нах цу тайпачу схеманашна тӀеийзабо: "Цуьнца къийсам латторан официалан бахьана ду – "доьзалан мехаллаш" Iалашйар, пачхьалкх ламастийн ха деш йу аьлла, кеп хIиттош. Муфтият йукъайалайаро гойту, Ӏедал низамна тӀетевжина ца Ӏаш, динна а тIетийжа, адамашна Iаткъам бар алсамдаккхархьама. Нохчийчохь дуьххьара хилла хIума дац хIара. Адамийн дахарна йукъагIертар ду хIара, синан институташ социалан-экономикан хеттарш листа йолаелча".

Цуьнца цхьаьна Нохчийчуьра социолог тешна йац, ЗАГС-на а, муфтиятана а йукъахь цхьаьнаболхбаро боккъал а фиктивехь зударий дӀасакъестар сацор ду аьлла. Къоьлла хIоьттича, нах цхьана агIор цхьа некъаш леха гIерта: кхечу регионе бахана, цигахь къаста йиш йу, цхьанца къайлах сом-ком йелла барт бан а тарло, дагардира цо. Къамелдечо дийцарехь, доьзалшна гӀо дан альтернативе барамаш бу, церан дахарна йукъа а ца гIерташ.

"Мискаллехь бохкучу доьзалашна гIо дар алсамдоккхуш, и доьзалш цхьана Iаш белахь а, бацахь а. Зударий балха хӀитторна гӀо дар, цхьа говзалла карайерзон гIо деш, балха хӀитторан программаш йукъайохуш. Социалан ахчанаш далар нийсонца хуьлуьйтуш: и гIо кхачо оьшу билггал сатесна волчунна. Вайна оьшу берийн бошмаш кхиор, зударийн болх бан а, доьзалан хьашташ дан а кхиийта. Нахана тIехь Iаткъам ца латтош, контрол ца латтош, экономикехула а, социалан гарантешкахула а листа йеза проблемаш", - аьлла хета цунна.

Ткъа цара лелочу барамашца къоьлла эщалур йац, мелхо а къайлайоккху и. Адамаша кхин некъаш лоьхур ду, ткъа доьзалан институтах тешам бовр бу тIаьхь-тIаьхьа, дерзийра къамелдечо.

  • Нохчийчохь, доьзалш къестар кхузза алсамдаьлла: кху шеран чиллин-беттан тӀаьххьарчу зерашца, республикехь керла 312 доьзал кхоллабелла, амма оццу хенахь 965 доьзал къаьстина. Нохчийчохь, доьзалш бохар, терахь иштта алсам далар, чIогIа ладаме ду. Цуьнца цхьаьна меттигерчу Ӏедалша кест-кеста дIахьедо, шаьш "маслаӀате" далийна доьзалш эзарнашкахь ду бохуш. Редакцин белхахоша адвокаташца а, социологашца а, захалонаш доьхна меттигерчу бахархошца а, дийцаре дира, федералан статистикан а, нохчийн хьаькамаша далочу терахьан башхалаш а, доьзалш бохарна бахьанаш а.
  • "МаслаIатан комиссеша" шайн болх дIахьо формалан кепара а, доьзалшна Ӏаткъам беш а, дийцира Маршо Радиога регионера дIавахначу динан Iилманчас. Зударий реза хила мега "маслаӀат" дан, шайн бераш ган аьтто хилийтархьама -доьзал дӀасакъаьсташ хилча кхело бераш деца дуьту. Нохчийчохь муфтиято а, хьаькамаша кхелашкахь зударийн бакъонашна доза туху, бохуш дийцира Къилбаседа Кавказехь болх бинчу адвокато Аветисян Григора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG