Оьрсийчоьнан къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а меттигера харжамаш бирзина: каппашкахь бозбуунчалаш лелош, бюллетенийн таппаш шайггара чу а туьйсуш, нахана тIехь ницкъ а беш. Тхан сайто йаздо, кхаж таса буьйла а балале низамаш талхорх лаьцна.
2025-чу шеран гурахь дӀайаьхьначу харжамийн кампани йукъахь бара Дагестанехь а, Нохчийчохь а, Ставрополехь а, Кхарачойн-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХӀирийчохь а, Волгоградан а, Астраханан а кӀошташкахь гӀаланийн а, йартийн а харжамаш. Цаьрца цхьаьна губернаторш хаьржира Ростовн кIоштахь а, Краснодар-махкахь а.
Кубанехь йуха хаьржина Кондратьев Вениамин стохка хиллачу жамIел а жимма сов ваьллера – харжамийн Центран комиссино цо толам баьккхина аьлла, дIакхайкхийра. 2025-чу шарахь 83,2 % кхаьжнашца, 2020 шарахь 82,97 % кхаьжнаш кхечира цунна. Ростовн кIоштахь "ханна губернаторан декхарш кхочушден" Слюсарь Юрий туьйлира, шел хьалха хилла Голубев Василий тIаьхьа а вуьтуш. Голубевна 65% гергга кхаьчна хилла; цуьнан метта веанчо дарж дIалоцу 81% кхаьжнашца.
КПРФ-н цIарах Краснодаран мехкан губернаторан дарже кандидат волчу Сафронов Александра тӀедожийнера президентан администрацин штабан куьйгалхочун хьалхарчу гӀовсна Кириенко Сергейна а, Центран харжамийн комиссин куьйгалхочунна Памфилова Эллина а регионехь лаьттачу хьолана юкъагӀортар, цигахь "харжамашца шайна хеттарг лелорна". Кху шарахь харжамхойн тептар тергамхошна ца гайтина ца Iаш, ур-атталла комиссин декъашхошна а бакъо ца йелира цунах бIаьргтоха, бохуш, кхетийра цо, Талламан комитете латкъам а беш.
Пачхьалкхан Думо дӀахьедира, кхажтасар "Конституцица догӀуш дӀадаьхьна" аьлла, "арахьара нах юкъагӀерта хьийзашшехь".
"Эххар а цхьа концерт хилира-кх"
Кхаа дийнахь хилла кхажтасар дӀадоладалале хьалха а гучубевллера низамаш дохийна аьлла хаамаш. Анапера, Мила Чоколателла цIарца йевзаш йолчу блогеро дийцира, шен харжамийн кампанин материалаш шен блогехь йаржо луучу цхьана кандидато кхерамаш тийсарх лаьцна. ГӀалин уггаре а йаккхийчу пхеа блогехь йу иза. Мила полици йаьллера, цига цо дӀакхачийнера кандидатан аудиохаамаш, нагахь санна иза реза ца хилахь, цуьнан цIийнда "хьийзор ву" аьлла, кхерамаш а тийсинера. И гучудаьллачул тӀаьхьа блогеран дезна гӀалара дӀайаха, "шен кхерамзаллех кхоьруш". Цо нахана хьалха ца дийцира кандидат мила ву.
Ишта нехийн йаьшки чохь нисдина Iохку бюллетенийн таппаш Ростовера лоьмар 8 йолчу берийн бешахь гайтира гIалин думе депутат ваха хьийзачу Федяев Евгенийс: цо дийцарехь, луларчу харжамийн каппашкахь 170 стаг бен вацара кхаж теснарг. Ткъа цигахь болх бе шву 600 сов стаг. Полисхочо дIахьедира, низамаш дохийна меттиг "цхьанна а гина бац" аьлла.
Иза реза ца хилира камерехула хьажа, ткъа комиссин куьйгалхочо къайлайаьккхира харжамхойн тептар тӀехь долу киншка- куьг йаздинчеран терахь а, харжамхойн терахь а дуста аьтто ца хилийта. Оцу харжамийн куьпахь кхаьжнаш дагардича гучуделира хьалхарчу дийнахь 99% кхаьжнаш "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин кандидатна Чалов Алексейна тесна хилар, тӀаьхьарчу деношкахь и барам хаъал хийцабеллехь а.
Геленджикерчу тергамхочо Кутафин Владимира хаам бира, харжамхойн тептаршна а, харжамхоша куьг йаздарна а йукъахь бIостаналла хиларх лаьцна. Цо бахарехь, №5 йолчу школехь хьалхара де чекхдалале комиссин декъашхойн карахь кхаж тосуш бу бохучу нехан куьг йаздина кхоалгӀа дакъа бен ца хиллера.
Ростов-гӀаларчу лоьмар 58 йолчу школехь харжамийн куьпахь 275 харжамхочо официалехь хаам бина хилла тӀаьххьарчу дийнан сарахь кхаж тесна аьлла, амма коммунистийн партин комиссин декъашхочо Румянцева Любас тидам бира, тептаршца кхаж тесна 76 стаг бен ца хилар – и цхьанацадар стенца доьзна ду кхето ца хиира комиссин куьйгалхочунна. Низам дохийна аьлла, бинчу латкъамна жоп луш, комиссин декъашхочуьнга ахча чохь долу конверт дӀадала гӀоьртинера куьйгалхо. Ткъа цо къаъ бала гIоьртинера шена аьлла, латкъам бира ФСБ-га а, полицига а.
Новочеркасскехь вовшийн баганаш а йиттина, ца дирзира дов: Оьрсийчоьнан Федерацин Коммунистийн партин (КПРФ) штабан юристана Малофеев Иванна йиттинера гезгамашин-беттан I3-чу дийнахь номер 3-чу школера хьоштагIахь. Цо бахарехь, тӀелатар дина кхоъ "Цхьаалин Оьрсийчоь" партин кандидатан Духопельников Дмитрийн "гонера" декъашхой хиллера. Малофеевс латкъам бина полице.
Тхо летта, тхо Даймахка дуьхьа летта ду
Геленджикехь буьйсанна лоьмар 1039 йолчу харжамийн декъехь тергамхошна хаабеллера харжамийн комиссин декъашхой гӀишло чуьра арабовлуш, шайн йаххьаш курткашца а, джемпершца а къайла а йаьхна. Уьш ларбеш волчу полисхочо хаьттинера гулйеллачу тобане, хӀунда хета шуна, цу вевзаш воцчу кхаа стага низам дохош ду аьлла, ткъа уьш муьлш бу хьажа, реза ца хилира аьлла.
Депутат ваха хьийзачу кандидато, Украинина тӀелатар даран декъашхочо Греховодов Романа а дийцира Ростоврчу 70-чу школехь харжамийн декъехь буса сахиллалц стогарш дагарх лаьцна. Харжамаш дIабахьарх чам баьллера цуьнан: "Тхо летта, тхо Даймахка дуьхьа летта ду. Со лаамхо ву хIусамнанан тIамтIехь йелла, со саннарш дуккха а бу. Ткъа эххар а, цхьанхьа цхьаммо толам баккхархьама, цхьанна иза оьшуш хиларна, цхьана кӀоштан театран концерт санна нисло хIара".
"ТӀеман ветеранаш уггаре а муьтӀахь бахархой бу, оцу режиман а, оцу харжамийн а дуьхьа бала реза а болуш. Нагахь санна цара протест йахь, уьш кхел йале лаьцна латтор бу, цул тӀаьхьа йуха а тIаме дӀахьажор бу. Ткъа цара шайн кхоллам эсала тӀеоьцур бу. Ас уьш бахархойн йукъараллин жигара дакъа ца лору. Уьш нах байъа ахчаех лецна нах бу", - билгалдаьккхира Ростовера жигархочо, политикан тутмакх хиллачу Шевченко Анастасияс.
"Кампани цхьанна а интересе йац"
Краснодаран махкахь а, Ростовн кӀоштахь а шуьйра даьржина низамаш дохоро гойту луларчу регионашкахь йерриг а хӀаллакйина йозуш йоцучу харжамийн мониторинган йисина меттигаш хилар. Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь а, Ставрополан а, Волгоградан а мехкашкахь а гуш ду кхин дIоггара низам ца дохош, федералан тӀегӀанехь скандалаш а йоцуш харжамаш дӀабаьхьна хилар.
Волгоградера "Дозор" боламан куьйгалхочо Кочегин Евгенийс билгалдоккху, Волгоградан кӀоштахь тӀаьххьара йозуш йоцу харжамийн мониторинг хилла хилар 202I-чу шарахь, Пачхьалкхан Думе харжамаш дӀахьош.
"ХӀетахь со «Дозорца» а, "Голос" боламца а болх беш вара, "Яблоко" партин цӀарах. 120 сов тергамхо волу система вовшахтоьхнера оха, иза Волгоградна дика дӀасадаржор ду, цундела низамаш дохорх а, тайп-тайпанчу скандалех а лаьцна дуккха а хаамаш бара. ХӀинца дерриг а дика дӀадоьдуш ду, хӀунда аьлча, цхьаммо а тIехь йеш мониторинг йац, хьайна оьшшу жамIаш дойла йу хьан – цхьаммо а дош эр дац хьоьга. Вайн тергамхойн система кӀеда-мерза структура хилла дӀахӀоьттина, дешархошна а, хьехархошна а жимма ахча даккха аьтто хилийта. "Вкусно и Точно" бистро чу а вахна, хIума кхаллал ахча ду и. Оцу мехах бухкуш бу харжамаш", - кхетийра цо.
Харжамийн аналитико Шукшин Ивана анализ йира дукха хан йоццуш хиллачу харжамашкахь дакъалаьцначу нехан а, кхаьжнийн декъаран а хаамийн. Цо тидам бира, дуккхаъчу регионаша "харжамийн жамӀаш сел къиза дӀахӀиттош хиларан, уьш уггаре а коьртачу анализан кепашца а гуш хиларан". Масала, Ростоврчу харжамийн дакъоша губернаторан дарже кандидат волчу Слюсарь Юрийна хьалххе дуьйна лерина жамӀ "хӀоттийнера" нийса кӀошташца дIанисдина. Пролетаран кӀоштахь цуьнан жамӀ дара 75%, ткъа Ворошиловн кӀоштахь гайтира 90%. Шукшина иштта билгалъяьхна Краснодаран махкахь а, кхин а иттаннаш регионашкахь а харжамашкахь дакъалацаран аномалеш.
Цул сов, генара электронан кхаьжнаш тасаро, Шукшина билгал ма-даккхара, гайтира кхаьжнаш тасаран хьалхарчу дийнахь дуьххьарчу масех сахьтехь къаьсттина жигаралла хилар, цуо гойтуш хила тарло пачхьалкхан секторан белхахошна тӀеӀаткъам бар, шайна луучу кандидатана ма-хуьллу сиха кхаьжнаш таса аьлла. Цул тӀаьхьа мониторинг йан аьтто хилийта, нагахь санна оьшуш хилахь, жамӀ дӀанисдан а. Ишта, Ростовн кӀоштахь дистанционни электронан кхажтасарх пайда а оьцуш, кхаж тесначу нахах ах декъо изза динам хьалхарчу 4 сахьтехь.
- 2024-чу шеран гезгамашин-баттахь кхаа дийнахь дӀабаьхьначу харжамашкахь «Голос» проекте а, йозуш йоцчу хаамийн гӀирсашка а хаамаш кхаьчнерам Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкахь низамаш дохийна хиларх лаьцна. Къаьсттина дуьйцура, бюджетан белхаххой декхаре бо шаьш къобалвинчу кандидатна къаьжнаш таса, тоьшаллина телефонаш тIех суьрташ даха а дезара, шаьш кхажтасар дIагойтуш.