Еарийдийнан сарахь гуламе нах гулбира Соьлж-ГΙалахь Нохчийчуьрчу бакъоларъярхоша а, цхьацца юкъараллаша а. Деношкахь Москох кхо кавказхо – ши нохчо а, дагестанхо а вийначу шина зуламхошна доггΙу таΙзар дан а, хаамийн къирсашка хиллачун буьззина мах хадабайта а Кремль декхаре еш дара цигахь дина къамел.
Гулам вовшахтоьхначу жигархошка Маршо Радионо дийхира шаьш арадаьккхинарг шуьйро довзийтар. Бакъоларъярхочо Саратова Хедас хΙара элира.
Your browser doesn’t support HTML5
Саратова Хеда: Нохчий реза бац
Москох шайн махкахой байъар дуккха а болчу оьрсаша къобалдойла хезаш хиларо дарбина кавказхой, Нохчийчуьрчу «Оптимум» шех олучу юкъараллин куьйгалхочо Ахмаев Руслана дийцарехь. Иза а ву гуламе халкъ кхайкхинчех цхьаъ.
Your browser doesn’t support HTML5
Ахмаев Руслан: Шаьш цистинчу декъеш тIехь а эрадоху цара