Нохчийчохь терроризм эшор, Кадыровн Пугачеваца дов. КIиранан жамIаш

Пугачева Алла, Кадыров Рамзан, Кадыров Адам. Коллаж

Нохчийчохь терроризм эшийна аьлла Кадыровс йуха а, нохчийн Iедалхой Пугачевана дуьхьал бу, Дагестанехь доьазза совдаьлла къизаллица зуламаш дар - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 116-чу подкастехь.

YouTube

Spotify

Overcast

Amazon

Audio

Your browser doesn’t support HTML5

Нохчийчохь терроризм эшийна аьлла йуха а Кадыровс | МАРШОНАН ПОДКАСТ #116

Нохчийчохь терроризм эшийна аьлла Кадыровс йуха а

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхин цкъа а дӀахьедар дина регионехь терроризмана тIехь буьзззина толам баьккхина аьлла. ТӀаьххьарчу шарахь лаххара а шозза тӀелатар хилира махкахь. Гуьмсехь ницкъаллин структурийн белхахошна а, Соьлжа-ГӀалин йистехь къоман гвардин эскаршна а йинера хIетахь кIелонаш. Бехкенаш карабаьхкина аьлла, хIинццалц схьа хаам бина бац.

Кремлехьа йолчу Новости агенталлин журналисташца хиллачу къамелехь дина и шен дӀахьедар Кадыровс. Политикна хетарехь, регионна кхин оьшуш дац "шога" урхалла дар.

"Система шен меттехь хилча, вай терроризм йуьззина эшийна, маьрша дахар дӀахӀоттийна хилча, кхане кхиорехь Iалашонаш хIиттош схьадогIу вай. Хьалха со тIех къиза ву бохуш, бехкаш даьхначу малхбузера цхьайолчу тайнигаша тахана эладитанаш даржадо, со цомгаш ву, ас кхеташонашкахь дакъалоцуш дац бохуш. Ма-дарра дийцича, тхан белхан система, сахьт санна, болх беш йу, цундела оьшуш ду аьлла ца хета суна цхьанна шога хета кепаш лело йеза, йа цхьаъ хийца деза аьлла», - дIахьедина Кадыровс.

Карладоккху, Гуьмсера некъан полицин постана тӀелатар дина аьлла хаам кхечира стохка гIадужу-беттан 4-5-чу деношкахь. И сурт шен бӀаьргашца гинчу стага дийцарехь, постана уллехь граната эккхийтинера, цхьа ницкъахо лаза а веш. ГIадужу-беттан 24-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалин йистерчу Петропавловская олучу эвлана гергахь муьлш бу ца хуучу наха герзаш диттира къоман гвардин эскархой чохь болчу "Урал" машенна. Ши эскархо вийра хIетахь.

Цул а жимма хьалха, стохка охан-баттахь ТIехьа-МартантӀехь ГИБДД-н шина белхахочунна урс диттира, царех цхьаъ тӀаьхьо дарбан цӀийнехь кхелхира. ТӀелатар динарг хиллера 16 шо долу Хумашев Эскерхан, иза вийра цу меттехь. ТӀаьхьо цигахь митинг дӀайаьхьирам пачхьалкхан бюджетан белхахошца а, дешархошца а, студенташца а, царна хьалха лаьтта охьадиллина дара кхиазхочун дакъа. КIентан гергара нах а, кадыровхошна цу гӀуллакхехь дакъалаьцна аьлла хетачу оппозиционерийн доьзалш а махках бехира, оцу хиллачу бохамна бехкелаьрра.

Терроризмна тӀехь толам баккхарх тӀаьххьара Кадыровс дийцира 2024-чу шарахь охан-баттахь, Iашхой-КIотарахь чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан белхахошна герзаш диттина ши бутт баьлча. Терроризм "эшийна" бохуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедарш до лаххара а 2010-чу шарера схьа дуьйна. Бакъду, цул тӀаьхьа а махкахь тӀемалой бу аьлла шеко йолу нах лоьхуш бара хIетахь а. Ткъа уггаре а тӀаьххьара тIелатар дира Соьлж-ГӀалахь 2021-чу шеран гIуран-баттахь. ХIетахь вийра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан цхьа белхахо. Ткъа и зулам дуьйзира "Исламан пачхьалкх" шайх олучу террорхойн тобанца.

Кадыров дуьхьал ву Пугачевана

КIира хьалха журналистан Гордеева Екатеринин ютюб-каналехь дIахIоттийна Пугачева Аллица хиллачу къамелна гонах лаьтта дийцарш совцуш дац. ХӀинцале а 20 миллион гергга адама ладоьгIна цуьнга. Къаьсттина шовкъ хилира цуьнан хьокъехь Нохчийчохь: интервью арайаьлла пхи де даьлллачу хенахь меттигерчу Ӏедалша дIагайтира, Пугачевас Дудаев ДжовхIар "оьзда, хьекъале, хаза стаг" вара аларо шайна вас йитина хилар. Советан Iедал доьхначул тӀаьхьа республикин маршонехьа къийсам латтийна Ичкерин дуьххьарлера президент ву иза.

Оьрсийчоьнан Ӏедалша иза терроризмца вузу. Дудаев вийра къайлахчу сервисийн белхахоша 1996-чу шарахь.

Пугачеваца къамел хилира кхаа сахьтехь эхасохьтехь сов, ткъа цо Ичкерин куьйгалхо а, цуьнан хIусамнана а хьахар 46 секундехь бен дац. И хан тоьънера Нохчийчоьнан информацин министрна Дудаев Ахьмадна дийнна видео дӀайазйан, йишлакхархо Оьрсийчоьнна йамартло йарна а, "террорхо хесторна" а бехке а йеш. Дукха хан йалале цу кепара пост гучуйелира Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь: цо артист «халкъан мостагӀ» йу элира, дIакхайкхийра Дудаев ДжовхIаран Ӏедал бахьана долуш Нохчийчохь «талораш дар алсамдаьллера, финансийн агIо а эшна йара» аьлла. Цунна тIетайра Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думехь депутат волу Делимханов Адам а, цо бохура Пугачева "йамартхо" йу.

Нохчийн Iедалхойн Пугачева Аллица доьзначу девнах лаьцна политолго Преображенский Ивана иштта элира тхан редакцига:

- Нохчийчоьнан Ӏедалша кест-кеста шайгара хьесапаш до, амма царна билггал хаьа, Кремло шаьш цу тIехула хестор дуйла. Цундела, Пугачеван интервьюх Кремлна хIун хета хаа гIерташ ву Кадыров. Ма дарра аьлча, цунна иза йевзаш хила а тарло, иза Москвахь хилла хила а тарло, церан къамел хилла хила а мега, шеца Путинца йа цуьнан гонера нахаца.

Ткъа цунна хаьа, хетарехь, Путин оьгӀазвахана вуйла оцу къамелана. Нохчийчуьра дӀахьедарш хазаран хьалхара бахьана ду иза.

ШолгӀа бахьана, гуш ма-хиллара, церан тийна Ӏан йиш цахилар. [Ахьмад] Дудаев вист ца хуьлуш Ӏелур вацара [ДжовхIар] Дудаевх лаьцна. Аьлча а, цо [Пугачевас] дуьххьарлера Нохчийчоьнан лидерх, аьлча а, Оьрсийчоьно тIом а беш, къобал ца йинчу Ичкерин хьалхара куьйгалхо хьахор, шеко йоццуш, вуно цIеххьана хилла билгало йу царна.

Амма и интервью тергал ца йан мегар ду аьлла хеташ, уьш тийна Ӏийра масех дийнахь. Хетарехь, цхьа а тешам бацара, сан а, дуккхаъчу сан белхан накъостийн а санна, и интервью боккъал халкъан хир йу аьлла, Пугачева Алла Борисовна хӀинца а Оьрсийчоьнан бахархойн коьртешна шуьйра тӀеӀаткъам беш хиларна. Ткъа оцу хӀумано карзахдоху Оьрсийчоьнан Ӏедалш.

Кхеташ ду, Нохчийчохь хӀара хӀинца йихкина интервью хирг хилар а, цуьнга хьовсарна нахана таӀзар дийриг хилар а. Ткъа вуьшта Оьрсийчохь муха ойла йу- «нагахь санна, Кадыров луьйш велахь, иза суна хазахета». И принцип дика болх беш йу. Шайх "патриоташ" олуш берш а, турбо-патриоташ олурш а, тайп-тайпанчу бахьанашца нохчашца хаддаза цхьана кепара къийсамаш латтош бохку. Суна ца хета, набахтера цхьана, эр вай, Гиркина, цIеххьана нахана хьалха Пугачевана гIортор йийр йу аьлла, амма мухха делахь а, гуш ду, Кадыровн цу дӀахьедаро мелхо а йишлакхархочун интервьюга ладогIа йа и кхин тIе а йаржо дог доуьйту.

Кадыров Адаман сахьт

Нохчийчоьнан куьйгалхочун 17 шо долчу кӀентан Кадыров Адаман долахь ду 40 миллион сом мах болу сахьт – цуьнан мах шозза гергга сов бу, цуьнан дена официалехь тIедогIучу ахчанал.

Кадыров Рамзанан кхерамазаллин сервисан куьйгалла дечу кхиазхочун сурт инстаграмехь зорбане даьккхина цуьнан йишас Табарика. "Верстка" зорбанан гӀирсо тидам бина оцу сурт тӀехь Адаман пхьарсах долчу сахьтан. Журналисташа дийцарехь, иза арахецна амеркахойн компанино. Сахьт кӀайн дешин ду, корпус чу I04 бриллиант а диллина. Дуьненахь I8 экземпляр бен йац церан, хӀораннан а мах бу диъ бIе дезткъе вуьрхIийтта эзар (497) гергга доллар.

ХӀара сахьт цхьаъ бен доцург хилла ца Iа Кадыров Адаман Джейкоб энд Коу (Jacob & Co) фирмин. Кху шеран аьхка цо зуда йалочу дийнахь кхиазхо гучувелира пхьаьрсах дикхина оцу брендан сахьт а долуш. Масех бIе алмаз дара сахьта чохь. Оцу сахьтан мах ворхӀ миллион долларшкахь хиллера.

Ша берхIийтта шо а кхачанза воллушехь, Кадыров Адам куьйгалла деш ву шен ден кхерамазаллин сервисан. Нохчийчохь кхоьллинчу тӀеман министраллан Бенойн БойсгIаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу батальонийн а, Гудермесехь Украинана дуьхьал тӀом бан кечбечу лаамхойн "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" а куратор хилира кхиазхо тIаьхьо.

КХИН А ХЬАЖА: Наха дийриг а шайна тIейаздар ду? Кадыров Адам а, ГIазза секторера бахархошна гIо дар а

ХIара подкаст кечйеш керла хаам хилира, оцу шегахь долчу даржашна тIе кхин а керла декхарш тIекхетарх Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана Адамна. Регионера муниципалан компанийн цIарах бахамна тIера лучу йасакхна тIехь а Iуналла латтор долуш ду цо. ХIун дан декхаре хир ву кхиазхо, йасакхашна тIехь терго латторна цунна алапа хIоттор долуш дуй а, хууш дац

Къизаллица зуламаш дар алсамдаьлла Дагестанехь

Кху шеран дечкен-баттера марсхьокху-батте кхаччалц официалехь динчу зерашца, Дагестанехь дина 3,9 эзар къиза зулам. 21 процентана алсам ду и терахь стохкалерачуьнца дуьстича. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло йовзийтина и статистика.

Цу билгалдаьхначу зуламашна йукъадогIу лаххара а 10 шарна набахтехь йаккха хан тоха тарлуш долу зуламаш, масала, стаг вер, ницкъ бар, йа терроризмаца доьзна гIуллакхаш.

Дагестан йоцург а, стохка хиллачуьнца дуьстича, даккхий а, къаьсттина луьра а зуламаш дар алсамдаьлла ишта Нохчийчохь, ГӀалгӀайчохь, Кхарачой-Чергазийчохь а.

Йерриг а Къилбаседа-Кавказан федералан гонашкахь дӀайаздина цу тайпа 16 200 зулам. Кху шеран марсхьокху-баттахь бинчу хаамашца, Оьрсийчохь дӀайаздинчу массо а даккхийчу а, къаьсттина луьрачу а зуламех 4% гергга Къилбаседа Кавказана кхочуш ду.

YouTube

Spotify

Overcast

Amazon

Audio