Экстремизман билгалонаш карийна Малгобекерчу йуккъерчу маьждиган имамо Батыров ИбрехӀима бинчу хьехамехь а, цу гӀалин бусулба йукъараллин куьйгалхочун Курскиев Якъубан дешнашкахь а. Федералан центро жоп делира цара зударийн леларан бакъонаш а, божарийн "боьха" говзаллаш а йийцаре йарна. Кавказерчу динан дайша кест-кеста до цу тайпа дӀахьедарш, амма, дукхахьолахь, жоьпе озош цхьа а вац.
Имам волчу Батыровс бехк баьккхира меттигерчу ресторанашкахь официантийн белхаш бечу нахера. И тайпа болх "боьха" а, "лартIахь боцуш" а бу, цунна гергахь.
"Шуна массарна а гина хир ду-кх, тахана ресторанашкахь официантийн белхаш беш божабераш хилар. Уьш хьуна тIе богIу, хIуна оьшург дIайазйо, хьуна гонах хьийза, йуург охьайуьллуш, дIайоккхуш. Ша дара, нагахь санна, цу чу оьхуш берш беккъа божарий бен бацахьара, зударий а ма хуьлу цу чохь. Оцу зударийн гIуллакхе хьуьйсурш муьлш бу? ГIалгIайн божарий бу-кх! И лартIахь хIума дац. И боьхалла йу. Дийцарш до, цхьа а болх эхье бац бохуш. Динехь магийна дац и тайпаниг божаршна! Оцу кепара белхаш шортта бу, уьш охьа багарбан со волалахь, шуна товр дац. Эхь ма ду и", - дIахьедира Батыровс.
Цу хьехамна тӀе тидам бахийтира президентехула адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочо, Кремлехьа йолчу «Регнум» агенталлан коьртачу редакторо Ахмедова Маринас. Цуьнан куьйга кӀел болчара телефон тоьхна хиллера Батыровга, комментари йеха.
"Тхан тхайн низамаш ду! Сан хьехамашна комментари йар шун гӀуллакх дац. Уьш гӀалгӀашна лерина бу, хьуна лерина бац!", - Ахмедовас даладо имаман дешнаш. Билгалдоккху, «со ишта ала лууш вацара" бохуш, иза бехказавийла гIертар вара моьттура шена аьлла, билгалдоккхуш.
Зударий хила безаш бац божарий болчу меттигашкахь
Иштта комментари йина "Регнум" белхахошна Батыровн хьаькамо, Малгобекерчу бусулбанийн синан йукъараллин куьйгалхочо Курскиев Якъуба а. Имам бакъ вина ца Iаш, шена хетарехь, зударий муха лела беза а цхьана дийцина цо.
"Батыров нийса ву шен дIахьедаршкахь! Зударшна йуург-мерг охьайиллар, царна гонах хьийзар – божарийн гIуллакх дац и. Зударий хила безаш а бац божарий болчу меттигашкахь. Боьрша нах хила тарлучу меттигех а къахка безаш бу зударий. Нагахь санна, уьш цхьана ресторанехь йа кафехь нисбеллехь а, зуда йу зудчунна гонах хьийза йезарг. Ткъа божаршна йуург охьайилла йеза божарша. Къастам хила беза! Зударий йуьстах хила беза хевшина, божарий а шаьш хила беза. Динан низам ду и!", - дIахьедина Курскиевс.
КХИН А ХЬАЖА: "Кхузахь ламасташ – урхалла ден гIирс бу": Нохчийчуьра зударшна керла дозанаш диттинаИштта Батыровн дешнех лаьцна комментари йина ГӀалгӀайчоьнан арахьарчу зӀенийн а, къоман политикин а, зорбанан а, информацин а министраллан куьйгалхочо Мизиев Руслана а. Цо дӀахьедира, имамо дуьйцург дин дацара, гӀалгӀайн Iадаташ дара, ткъа и гIуллакх девне дерзарна бехке бу блогерш а, "регионера ихьал талхо луурш» а бу аьлла.
"Официантан болх борша стаг бар динца бIостане дац, бохуш дIахьеден Батыров тIетовжу гӀалгӀайн гӀиллакхашна, амма ламастан агӀор хьаьжча, иза къовсамехь санна тӀеоьцу. Цу йукъана, лакхара белхазалла йолчу хьелашкахь хьанал болх даима а гӀоле бу, ткъа говзалла харжа бакъо чӀагӀйина йу Оьрсийчоьнан конституцино", - аьлла, Мизиевн дешнаш далийра пачхьалкхан ТАСС агенталло.
Эххар а, гезгамашин-беттан 8-чу дийнахь Ахмедовас хаам бира, юстицин министралло Курскиевн а, Батыровн а дӀахьедарш тергоне эцна аьлла, цу тӀехь Оьрсийчоьнан Конституцино магош долу "зударийн бакъонашна а, маршонашна а дехкарш" ду аьлла. Шина а йукъаралхочо и низамаш дохор нисдан деза, нагахь санна, низаман жоьпаллех ларвала лаахь. Амма муха "нисдан деза", ца дийцира. Йа юстицин министралло а, йа ГӀалгӀайчоьнан Ӏедало а официалехь комментари ца йина хиллачух лаьцна.
"Божарша шайна товрриг дуьйцу"
Къилбаседа Кавказехь бакъдолу шарӀан низамаш дац; цуьнан бакъонаш къастош йу, дукха хьолахь божаршна товш йолчу агIор, боху Оьрсийчоьнан репрессиван низамаш бахьана долуш шен цӀе йаккха ца луучу регионерчу социолога, университетан белхахочо. Цо бахарехь, имамаша зударшца гойтуш йолу ирони бусалба динехь оьздангаллин агӀор къобал йан йиш йоцуш йу, ткъа Оьрсийчоьнан низамашца иза дискриминаци лору. Организациша проблемех, дискриминацех лаьцна дIахьедан йиш йу, латкъамаш бан а йиш йу, амма зударийн инициативаш хӀинца а цхьанна а хезаш йац. Иза дац вай вешан бакъонаш къийса ца йеза бохург", - элира социолога.
Кавказерчу динан дайша кест-кеста шайна хетарг дуьйцу зударша дан дезачух а, ца дезачух а лаьцна – цунах цхьа а жоьпалла шайна тӀе ца лоцу. Масала, стохка гIуран-баттахь ГӀалгӀайчохь Iеламчас Аушев Адама дӀахьедира, хазаллин салонашка лестачу зударшна а, царна цига баха пурба лучу божаршна а неIалт хир ду" аьлла.
ШарӀан низамашца божарша Ӏаткъам бойла ду, ткъа зударийн, оццу низамашца, шайн бакъонашца лела йиш йац
Кху шеран охан-баттахь Дагестанан муфтий Абдуллаев Ахьмад а вистхилира стилисташна тIе леларна дуьхьал. Цо кхайкхам бира, божаршна хаза хила оьшуш дац, хазаллин салонаш зударшна йита аьлла. Иштта ша дуьхьал хилар дIахаийтира цо "боьрша йоцчу" говзаллашна а, масала, лоьраш-маммологаш хьахийра цо цу декъехь.
Марсхьокху-баттахь шен цхьана хьехамехь ХӀинжа-ГӀаларчу Имамийн Кхеташонан куьйгалхочо Умаилов Данияла йемалдира, "зуда маьрша хила йеза, цхьаннах а йозуш хила ца йеза, ша шена дохка ахча долуш хила йеза" бохуш, социалан машанаша Iаткъамбар.
"Цхьажимма шен кара ахча кхаьчча, шен гоно тIеIаткъам а беш, оцу зудчунна шен хIусамда цхьа аьтто боцу, декъаза стаг хета", - масал далийра Умаиловс.
Амма уггаре а доккха дов а, дийцар а хилира, 2016-чу шарахь Къилбаседа Кавказерчу бусулба нехан координацин центран куьйгалхочо, Кхарачойн-Чергазийчоьнан муфтийс Бердиев ИсмаьӀала зударех лаьцна динчу дӀахьедарца доьзна. Бердиевс къобалдирам зударий суннатбар. Бердиев ИсмаьIала, Къилбаседа Кавказерчу муфтиятийн координаторо зударийн ойла чохь сацош, царна физиологи хуьйцу операцеш йайта йеза аьлла эккхийтаро бахьана делира Оьрсийчуьра хьовха, дуьненан а прессина Кавказехь зударий суннатбо, иза къизалла йу бохуш даржо. И IалагIож иккхинчул тIаьхьа цо дIахьедира, ша массо а зударий суннат бе ца боху, "исламо а магош дац и, ишта дойла а йац" аьлла.
Имамаш декхарийлахь бац Конституцин норманаш ларйарна тIехь Iуналла латто, дика хир дара динан дайх талламаш а ца беш, масала, полисхошна тIаьхьа бевлча, боху бакъонашларъяран "Марем" организацин координаторо. Кхерамзаллин бахьанашца цуьнан цӀе ца йоккху оха.
"Конституци йу коьрта, йа шарӀан низам ду бохург – Къилбаседа Кавказехь лартIахь хIума ду. Къилбаседа. ШарӀан низамашца, божарийн Ӏаткъам бойла ду, амма зударийн, оццу низамашца шайн бакъонашца лела йиш йац, ур-атталла шайна оьшучу хенахь а. Масала, оццу ГӀалгӀайчохь а, цхьанний а бала дIа бац, шарIехь бер бархI шо кхаччалц шен ненаца хила деза бохучуьнца», - элира къамелдечо.
Цо билгалдаьккхира, имама Батыров ИбрехӀима а, Малгобекера бусулба йукъараллин куьйгалхочо Курскиев Якъуба а дина дӀахьедарш могӀарерчу божарийн дешнаш санна лара деза, динан дайша аьлла а доцуш.
"Шайна ма-гарра, шайна ма тов хила луучу могӀарерчу божарша санна къамелаш до цара. ШарӀаца а, Ӏадатца а нислуш бац уьш. Шайн аьттонца нислуш бу уьш", - боху "Марем" кризисан тобанан координаторо.
- Къилбаседа Кавказехь доьзалехь ницкъбарх лаьцна 2023-чу шарахь бинчу талламехь билгалдаьккхина ду, "сий лардеш" зударий байар – коьрта бахьана ду царна тIе куьйг дахьа аьлла. И тайпа зуламаш до йоӀ "харцахьа" леллехь. 2009-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц цу тайпа нисделла 58 гӀуллакх ду билгалдаьккхина.
- Къилбаседа Кавказехь ницкъ барх уьдучу нахана кест-кеста тIаьхьабуйлу церан гергара нах. Низамхоша дӀалоьцу уьш, дукха хьолахь, зуламаш дарна леррина харц бехкаш а дохуш, цул тӀаьхьа церан гергарчара нуьцкъала йухаберзабо уьш.